Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шаьшшиъ гІала чукхаьчча, иза волчу гІо, цу гу тІехь доккхуш долчу сагІанах кхетархьама дІавахаза хила а мега шуна иза. Схьагулбелла болу нах хІума яа буьйлалур бац, иза схьаваллалц. Цо сагІа даккхар декъалдаллалц, цига кхайкхинчара а ца йоу хІума. Сихло, иза цига дІавахаза хила а мега шуна». Цо, нах бай тІе охьа а ховшийна, шайгахь болу пхи хьокхам, ши чІарий схьа а эцна, стигала хьала а хьаьжна, и кхача къобалбеш, доІа дира. ТІаккха и хьокхамаш а, чІерий а дакъошка декъа а доькъуш, Шен мурдашка дІакховдадора Цо. Цара и дакъош нахе дІалора. ВорхІ бепиггий, чІерий схьа а эцна, Далла хастам а бина, куьйгаца каг а деш, Шен мурдашка кховдадора Цо, ткъа цара нахана дІадоькъура иза. ТІаккха оцу нахе лаьтта охьаховша а аьлла, и ворхІ бепиг схьа а эцна, Деле хастаман доІа а дина, бепиг каг а деш, Шен мурдашка кховдадора Іийсас, ткъа вукхара иза нахана доькъура. Цо, бепиг схьа а эцна, доІанца цунах баркалла а аьлла, декъа а декъна, мурдашка дІаделира: «Сан дегІ ду хІара, шун дуьхьа дІалун долу. Со дагалацархьама, иштта делаш». Іийсас, и бепиг схьа а эцна, Далла хастам а бина, мурдашка дІакховдийра, ткъа цара иза охьахевшинчарна дІадийкъира. Иштта царна деззачул чІерий а дийкъира. ХІунда аьлча аса Везачу Элера Шеггара схьаэцна айса шуна делларг. Шена ямартло йинчу буса Веза Эла волчу Іийсас, бепиг схьа а эцна, Далла хастам а бина, иза декъа а декъна, элира: «ХІара Сан дегІ ду, шун дуьхьа дІалун долу. Иштта делаш, Со дагалацархьама». Зуда маре яхар а, стага зуда ялор а, Дала кхоьллина йолу цхьайолу хІуманаш яар а ца магадо шалхо лелочу оцу наха. Іийсах а тешаш, билггал долу бакъдерг девзинчаьрга, Шена хастамаш а бойтуш, яийтархьама, елла Дала и юург. Дала кхоьллинарг дерриг а дика ду. Цхьа а хІума вон дац, Далла хастамаш а беш, иза тІеоьцуш делахь,
Выбор основного перевода