Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Масех дийнахь меллаша дІадоьлхуш дара тхо. Мох дуьхьал хьоькхуш хиларна, Кинад-гІалина дуьхьал нисделча, цу агІор кхидІа даха а ца делла, Крит-гІайренна улло дахара тхо, Салмон цІе йолчу берда юххе а теІаш, цигахь мох кІезиг болу дела. «ЛадогІийша! Со гуш ву хІара некъ кхераме хирг хилар, кеманна а, цу тІерачу кирана а хилла ца Іаш, вайн дахарна а». Кхеран кема дІахІоьттина меттиг Іа даккха пайденна яцара, цундела дукхахберш Крит-гІайре тІехь йолчу Пиника-гІала хІордахула дІабаха лууш бара. Къилба-малхбузера а, къилбаседа-малхбузера а мехашна дуьхьал йолчу цу меттехь Іанера бовла лаьара царна. Къилбера байн мох хьаькхча, царна моьттира иза шайна оьшург ду. Кема сацориг хьала а яьккхина, Крит-гІайре йистехула дІабахара уьш.
Выбор основного перевода