Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
qac Оqac*рца доккхуш болчу вочу кхаьънех иза кхоьрур вац. Пайда эцарца Везачу Элах а тешаш, цуьнан дог чІагІлур ду. «ЛадогІийша! Со гуш ву хІара некъ кхераме хирг хилар, кеманна а, цу тІерачу кирана а хилла ца Іаш, вайн дахарна а». Цундела доха ма дохалаш, доттагІий, со теша, Дала сайга ма-аллара, вайца дерг хирг хиларх. Амма ПахІала элира тІеман хьаькаме а, тІемалошка а: «Нагахь уьш кеманна тІехь ца совцахь, шу а кІелхьардевр дац». ТІаккха массара а, дог иракарахІоьттина, хІума йиира. Цо вайн муьлххачу а гІайгІанехь вайна синтем ло, Цо вайна беллачу оцу синтемца муьлххачу а гІайгІанехь болчу кхечарна а вайгахула синтем хилийтархьама. Тхуна массо а агІор кест-кеста ницкъ бо, амма тхо кхоччуш хьаьшна дІа ца даьхна. Наггахь холчу хІиттадо тхо, амма оха дог ца дуьллу. Тхо лелхадо, амма дитина дац тхо. Тхо охьадохку, амма тхо хІаллак ца хуьлу.
Выбор основного перевода