Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цигара хІорда тІе арадевлла, мох кІезиг болчу агІор, Кипр-гІайре йолчухьа дахара тхо, дуьхьал хьоькхуш мох хиларна. Кхеран кема дІахІоьттина меттиг Іа даккха пайденна яцара, цундела дукхахберш Крит-гІайре тІехь йолчу Пиника-гІала хІордахула дІабаха лууш бара. Къилба-малхбузера а, къилбаседа-малхбузера а мехашна дуьхьал йолчу цу меттехь Іанера бовла лаьара царна. Къилбера байн мох хьаькхча, царна моьттира иза шайна оьшург ду. Кема сацориг хьала а яьккхина, Крит-гІайре йистехула дІабахара уьш. Аса Критехь хьо витар хІара Іалашо йолуш дара: цигахь даза дисина гІуллакхаш хьоьга чекхдахийтар а, ас хьайна тІедиллина ма-хиллара, динан тобанаш йолчу массо а гІаланашкахь тхьамданаш дІахІиттабар а.
Выбор основного перевода