Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха паччахьо Даниал, шена тІе а валавайтина, лоьмаш чохь долчу ор чу кхоссийтира. Даниале паччахьо элира: «Гуттара а ахь Шена Іибадат деш волчу хьан Дала хьо кІелхьарвоккхур ву!» Орана тІе а веана, иза латкъамечу озаца Даниале кхайкхира: «Даниал! Дийна волчу Делан лай! Ахьа Шена гуттара а Іибадат деш волчу хьан Деле кІелхьарваккхавеллий хьо?» Буьйсанна Везачу Элан малико, набахтин ков схьа а диллина, арабехира уьш. Буьйсанна ПахІална хьалха хІоьттинчу Везачу Эло элира: «ЧІагІлолахь, ПахІал. Айхьа Ярушалаймехь Сох тоьшалла ма-дарра, Римехь а иза дан дезар ду хьан». Сайн доІанашкахь шух лаьцна даим ас доьхуш хиларан сан теш Дела ву, ас Шена даггара, Цуьнан КІантах лаьцна болу хаза кхаъ кхайкхош, гІуллакх деш волу.
Выбор основного перевода