Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Холчохь а болуш, цара Везачу Эле орца даьккхира, тІаккха Цо уьш церан баланах кІелхьарбехира. ХІорд дІатийна хиларх уьш сакъералуш бара, ткъа Цо уьш шаьш хьаьгначу метте дІакхачийра. ХІинца собаре хиларе кхойкху ас шуьга, хІунда аьлча шух цхьа а лийр вац, кема бен хІаллакьхир дац. Сийсара буса со Шен волу а, ас Шена гІуллакх дечу а Делан малик деара суна тІе. Цо элира: „Кхера ма лолахь, ПахІал! Хьо Рим-мехкан паччахьна хьалха хІотта дезаш ву, Дала хьан доІанна жоп делла, цундела хьо а, хьоьца кеманна тІехь берш а дийна буьсур бу“. Цундела доха ма дохалаш, доттагІий, со теша, Дала сайга ма-аллара, вайца дерг хирг хиларх. Динан вежарий, оха Асиа-махкахь хьегна баланаш шуна ца бовзуьйтуш Іан ца лаьа тхуна. Тхаьш дийна дуьсур дац моттал холчу хІиттийнера тхо. Уьш лан тхан ницкъ ца кхаччал, сов баккхий бара и баланаш. Дала оцу даларан боккхачу кхерамах кІелхьардехира тхо, Цо кІелхьардохур а ду. ХІинца чул тІаьхьа а Цо кІелхьардохур ду аьлла, тешна а ду тхо.
Выбор основного перевода