Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Жуьгташна и гІуллакх хазахетийла хиъча, Кипа а дІалацийтира цо. (Иза хилира совсазчу баьпкан дезачу дийнахь.) Кхечу меттехь яздина ду: „Ахьа Хьайна тешаме Волчунна вахкавалар гойтур дац“. Ша куьйгалхо хІоьттина кхо де даьлча, Кхесрин-гІалара Ярушалайме веара Висита. Виситас жоп делира, ПахІал Кхесрин-гІалахь чувоьллина ву, ша а кестта цига гІур ву аьлла. Жуьгташна там болу агІо лоьхуш, Виситас элира ПахІале: «Ярушалайме ваха лаьий хьуна, соьга цигахь хьайна кхел яйта?» Уьш цигахь масех денна севцина дела, Виситас паччахьна ПахІалан гІуллакхах лаьцна дийцира: «Кхузахь Пелакъа чувоьллина цхьа стаг ву.
Выбор основного перевода