Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цундела мурдаша сацам бира, шайн тароне хьаьжжина, ЯхІуд-махкахь болчу динан вежаршна гІо дан. Иштта дан а дира цара. Ярушалаймехь болчу Іийсах тешачийн тобанан тхьамданашка шаьш гулдинарг Бар-Наабе а, Шауле а дІадахьийтира цара. Ткъа хІинца со Ярушалайме воьду Делан нахана гІуллакх дан. Македонера а, Ахаера а динан тобанаша сацам бина, Ярушалайм-гІалахь болчу Делан нахана юкъарчу къечарна сагІина ахча дахьийта. И сацам цара шаьш бинехь а, Ярушалаймерчу Іийсах тешачарна хьалха иза дан декхарийлахь а бу уьш. Кхечу къаьмнех болу нах жуьгташкахула, тешаре хьаьжжина, декъалбина хилча, шайн долахь долчу рицкъе хьаьжжина, жуьгтий декъалбан а декхарийлахь бу уьш. И гІуллакх чекх а даьккхина, сагІина гулдинарг царна билггал дІакхаьчна даьлча, со Испани ваха новкъа вер ву. Цига воьддушехь, со шун гІала чувоьрзур ву. Ткъа хІинца, динан вежарий, оха дІахоуьйту шуьга Македон-махкарчу динан тобанашна Дала деллачу диканах лаьцна. Шаьш баккхий баланаш хьоьгуш боллушехь, цу тобанийн доккха хазахетар а, йоккха къоьлла а хьалдолчу комаьршалле делира. Со теш ву цара доггах, шайн дала йиш йолччул а, сов а деллачунна. Шайн лаамца цара чІогІа дийхира тхоьга, шайна там хилийтархьама, Ярушалаймехь болчу Делан нахана дан леринчу дикачу гІуллакхехь шайга а дакъалацийтахьара бохуш. Деккъа цхьа дехар дира цара: мисканаш дагахь латтабар. Изза дан со а чІогІа гІертара.
Выбор основного перевода