Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Муса-пайхамарна тІера дІаволавелла, массо а пайхамарша Шех лаьцна Делан Йозанаш тІехь аьлларг царна дийцира Іийсас. ИбрахІиман а, Исхьакхан а, Якъубан а, вайн дайн а Дала сийдеш айина Шен ялхо волу Іийса. Амма аша Иза вейтира, Пулатана хьалха Цунах дІа а къаьстина, цо Иза дІахеца сацам биннашехь а. Цо цуьнгара Дамасакх-гІаларчу жуьгтийн гуламан цІеношка дахьа лерина кехаташ дехира. Цу кехаташа Шаулна бакъо лора Іийсан некъан мурдаш, божарий а, зударий а, бехка а бихкина, Ярушалайме схьабало, нагахь уьш цунна карабахь. Оха къастийна: хІара стаг нахана зуламе хилар, дуьнен чохь массо а меттехь жуьгташна юкъахь питана туьйсуш а, назартхойн тобанан куьйгалхойх цхьаъ хилар а. Амма Дала гІо дира суна, таханалера де кхачале а. Цуьнан гІоьнца лаьтташ ву со тахана кхузахь хьалдолчу а, къечу а нахе тоьшалла деш, кхин хІумма а ца дуьйцуш, пайхамарша а, Мусас а хир ду аьлларг бен: Цара цхьа де билгалдаьккхира. Дуккха а жуьгтий баьхкира ПахІал сецначу цІийне. Іуьйранна дІаволалой, сарралц дуьйцура цо царна Делан Олаллех лаьцна, ша Іийсах лаьцна аьлларг бакъ хилар тешо гІерташ, Муса-пайхамаран хьехамаш тІера а, пайхамарша дІаяздинчунна тІера а тоьшаллаш а далош.
Выбор основного перевода