Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха лаьттара кешнаш чохь бийшинчех дукхахберш денлур бу, цхьаберш даим а Дела волчохь баха, ткъа вуьш гуттаренна а сийсазбина а, сий дайина а хила. Цец ма довлалаш цунах, хІунда аьлча тІейогІуш ю и зама, кешнаш чохь болчу массарна а Делан КІентан аз хезар долуш. ТІаккха, ден а белла, арабевр бу уьш. Царах дика гІуллакхаш динарш Дела волчохь хедар доцучу дахаре гІур бу. Ткъа шайн дахарехь вон гІуллакхаш динарш шайна кхел яйта денлур бу. Гулбеллачу нахана юкъахь цхьаберш садукъой, вуьш парушхой буйла шена хиъча, ПахІала чІоггІа элира: «Вежарий! Со парушхочух схьаваьлла парушхо ву шуна! Белларш денлуш хиларх сатесна ву аьлла, валийна ву со кхуза кхел ян». ХІинца со кхелана хьалха лаьтташ ву, Дала вайн дайшна делла дош кхочушхиларе сатесна хиларна. Цунна сатесна ду тхан халкъан шийтта тайпа, дийнахь а, буса а Далла даггара гІуллакх а деш. Оцу сатийсамна бехкево со жуьгташа, ва паччахь. Цундела лиънера суна шу ган а, шух дагавала а, хІунда аьлча Исраилан халкъан сатийсам кхочушхиларх со тешарна тоьхна суна хІара гІоьмаш».
Выбор основного перевода