Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ПахІала, билгалбаьхна нах схьа а эцна, шолгІачу дийнахь цаьрца цІинваларан Іадат кхочушдира. Юха, Делан цІийнан керта а веана, цо хаам бира, шайн цІиндаларан денош чекх маца девр ду а, шайх хІораннах а сагІа маца доккхур ду а аьлла. ВорхІалгІа де чекхдолуш Асиа-махкарчу жуьгташна Делан цІийнан кертахь гира иза. Дерриг а адам карзах а даьккхина, цара ПахІал схьалецира, ГІала карзахъяьллера, массо а агІора адамаш дара схьауьдуш. Цара, схьа а лаьцна, ПахІал Делан цІийнан кертара аратакхийра. НеІарш цу сохьта тІекъевлира.
Выбор основного перевода