Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Векалийн а, тхьамданийн а Іийсах тешачу тобанера массаьрца а барт хилира шайна юкъара ПахІалца а, Бар-Наабаца а Антиохе масех стаг вахийта. Цара хаьржира Сали а, Бар-Сабба аьлла кхин цІе йоккху ЯхІуд а. И ши стаг вежаршна юкъахь куьйгалхо вара. Хаьржина волу ЯхІуд а, Сали а воуьйту оха, тхаьш яздинарг цаьрга барта тІечІагІдайта. ЯхІуд а, Сали а ши пайхамар вара. Шайн дешнашца динан вежарийн дегнаш чІагІдеш, иракарахІиттош бара уьш. Ткъа ПахІала Сали хаьржира. Динан вежарша декъал а вина, новкъа велира иза.
Выбор основного перевода