Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шаул жуьгтийн гуламан цІеношкахь хьехам бан волавелира, Іийса Делан КІант ву бохуш. Пергера дІа уьш писидийн Антиохе бахара. Шоьтан дийнахь жуьгтийн гуламан цІийне а баьхкина, охьахевшира уьш. Шоьтан дийнахь, гІалин кевнах ара а девлла, хи тІе даьхкира тхо. Тхуна моьттура цигахь Делах тешаш берш доІане гулло дукха хьолахь. Охьахевшина, цигахь гулбеллачу зударшца къамеле девлира тхо. ПахІала жуьгтийн гуламан цІийне а веана, кхаа баттахь, ца кхоьрруш, хьеха а хьийхира, къийса а къийсира, жуьгтий ша Делан Олаллех лаьцна дуьйцург бакъ хиларх тешо гІерташ.
Выбор основного перевода