Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цуьнан дуьхьа массо а халкъашка, Ярушалайм тІера дІадуьйладелла, кхайкха деза, къиношна гечдайтархьама дохко а довлий, Далла тІедерза аьлла. Хьалха Цо пурба лора нахана шайн некъашца лела, Къинойн гІуда такхаран сагІина Іийса дІавелира Дала. Іийсах а тешна, Цуьнан валар бахьана долуш, вайн къинойн гІуда текхна ду. Дала иза иштта къобалдира, хьалха летийна къинош Шен собарца таІзар ца деш а дуьтуш, Ша бакъ хилар гайтархьама. ХІинца йолчу заманахь а Ша бакъ хилар гойту Дала, Іийсах мел тешарг Шена хьалха бакъварца. ХІунда аьлча массо а адамашна кІелхьардохуш долу Делан дикалла гучуделира. Іесалла а, дуьненан боьха лаамаш а дІа а тесна, собаре а, догцІена а, суьпа а лелаш кху заманчохь даха хьоьху вайна оцу дикалло. Ийманехь долу Делан бераш санна хила, хьалха шаьш боданехь долчу хенахь хиллачу хьарамчу лаамашка шайн дахар ма талхадайта.
Выбор основного перевода