Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Уьш чІогІа реза бацара Кипас а, Яхьъяс а нахана хьоьхуш хиларна а, Іийса веллачуьра денвелла бохуш кхайкхам барна а. ткъа оха дІакхайкхабо кхаъ хІара бу: Дала леррина Къобалвинарг жІарах дІатоьхна хилла. И кхаъ жуьгташна Іесалла ю аьлла хета, кхечу къаьмнех болчарна иза «сонталла» ю аьлла хета, хІунда аьлча со шуьца волчу ханна суна кхин цхьа хІума а шуна довзийта ца лиънера, Дала леррина къобалвинчу Іийсах а, Цуьнан жІара тІехь валарх а лаьцнарг доцург. Шу Іеха ма лолаш. Шух цхьанна ша, кху дуьненан хьекъалалле хьаьжжина, хьекъалалла долуш ву моттахь, тІаккха иза «сонта» хила веза, ша билггал хьекъале хилархьама. Тхо сонтанаш санна хилла Дала леррина Къобалвинчун дуьхьа, ткъа шаьш Цуьнца оццул хьекъале ду моьтту шуна! Тхо гІорасиза, ткъа шу ницкъ болуш хета. Шун сий до, ткъа тхо сийсаздоху. Оха тхешан куьйгашца къахьоьгу. Тхох лаьцна наха вониг дийцича, оха декъалбо уьш. Тхаьш лелхийча, иза а лов оха. Нагахь оха, Дала леррина Къобалвинарг веллачуьра денвина бохуш, хьехамаш беш хилча, шух цхьаболчара муха олу веллачуьра денвалар ца хуьлу?
Выбор основного перевода