Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цо дуьненна нийсонца кхел йо, халкъашна тІехь а Цо бакъонца иза йо. Далла хьалха, хІунда аьлча Иза вогІуш ву, дуьненна нийса кхел ярхьама. Цо дуьненна нийсонца кхел йийр ю, халкъашна а догцІеналлица кхел йийр ю. Бакъдерг боху Аса шуьга: къематан дийнахь цу гІалара хьал Седамеххьий, Іамор-гІалаххьий чул инзаре хир ду». Адамийн КІантаца хиндерг билгалдаьккхина ма-хиллара хир ду, амма декъаза ву Цунна ямарта верг». Иза Адамийн КІант волу дела, кхел ян а бакъо елла Дала Цуьнан кара. Цо тхуна тІедиллира нахе кхайкхам бар а, тоьшалла дар а, Ша Дала дийначарна а, беллачарна а тІехь кхел ян хІоттийна ву аьлла. Ткъа Цуьнга муха кхойкхур бу уьш, Цунах шаьш тешаш ца хилча? Муха тешар бу уьш, Цунах лаьцна шайна хезна а ца хилча? Муха хезар ду царна, Цунах лаьцна цхьаммо а дІакхайкхош ца хилча? Сайна и гича, велча санна, Цуьнан когашка вуьйжира со. Ткъа Цо, суна тІе аьтту куьг а диллина, соьга элира: «Ма кхера. Со ву Хьалхарниг а, ТІаьххьарниг а. Со ву дийна Верг. Со велла вара, амма хІинца Со ерриг а тІейогІучу заманна дийна ву. Сан карахь ду Іожаллин а, эхартан а догІанаш.
Выбор основного перевода