Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІунда аьлча хьаннашкара ерриг акхарой а Сан ю, эзар лаьмнашкара хьайбанаш а Сан ду. Лаьмнаш тІера дерриг олхазарш а девза Суна, аренгара бежанаш а ду Суна хьалха. Нагахь Со мацвелча а, хьоьга эр дацара Ас, хІунда аьлча Сан ду дерриг дуьне а, цунна чохь мел долу хІума а. Иштта боху, стигал а кхоьллина, иза дІасаяржийначу а, латта а, цунна тІехь долу массо хІума а дІасадаржийначу а, цунна тІехула лелачу адамашна садеІар а, дахар а лучу а Везачу Дала: Со даим а хир вац шу бехке деш а, шуна оьгІазъоьхуш а. Со иштта хилча, муьлхха а са Суна хьалха гІеллур дара, Іаь а тухуш, Ас мел кхоьллинарг лаьттар дацара. Исраилан халкъах болу хІара хаам Везачу Элера бу. Стигал дІасаяржийна волчу, латта чІагІдина волчу, адамна чу са кхоьллина волчу Везачу Эло боху:
Выбор основного перевода