Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цу тІехула цхьана агІор оцу нехан а, вукху агІор ПахІалан а, Бар-Наабан а чІогІа къовсам белира. ПахІал а, Бар-Нааб а, шайца кхин накъостий а болуш, Ярушалайме вахийтира, и гІуллакх векалшца а, Іийсах тешачийн тобанийн тхьамданашца а къасто. Сали а, Тимапи а схьаваре хьоьжуш, Атинехь холчохь вара ПахІал, хІунда аьлча гІала юьззина цІуш бара цунна гуш. (Атина-гІалин бахархойн а, цаьрца Іаш болчу кхечу мехкашкарчу нехан а чІогІа самукъадолура массо а хенахь керлачуьнга ладугІуш я керланиг дуьйцуш.) Кхеташонна юккъе а хІоьттина, ПахІала элира: «Атинахой, суна го шу къаьсттина суьпа нах дуй, Македонера Сали а, Тимапи а схьавеача, ПахІала шен ерриг а хан хьехамаш беш дІахьора. Цо тоьшалла дора жуьгташна хьалха, Дала леррина Къобалвинарг Іийса ву бохуш. Уьш сингаттаме бара, къаьсттина цо аьллачу дешнийн бахьаненна: «Со кхин гур вац шуна». Цул тІаьхьа цара иза хІордкеманна тІе дІакхетийра. Цундела шу ца гуш кхин са а ца тохаделла, тхаьш Атина-гІалахь севцира тхо.
Выбор основного перевода