Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Оцу дерригене а ладоьгІча, церан дуьхьал ала хІумма а дацара. Цара Далла хастам бора: «Дала кхечу къаьмнех болчарна а некъ белла Шена тІеберза, Шеца дахар хилийта». Ярушалайме кхаьчча, Іийсах тешачийн тобанашкарчу наха а, векалша а, тхьамданаша а тІеийцира уьш. ПахІала а, Бар-Нааба а дийцира царна Дала шайгахула динчух дерригенах а лаьцна. ТІаккха массо а, дІа а тийна, Дала кхечу къаьмнийн нахана юкъахь ПахІалехула а, Бар-Наабехула а дайтинчу тамашийначу хІуманех а, билгалонех а долчу цу шиннан дийцаре ладугІуш вара. И тІедиллира тхуна Везачу Эло. Цо аьлла: „Ас Хьох кхечу къаьмнех болчарна серло йина, Хьоьгахула дуьненан массо а маьІІе кІелхьардовлар кхачийта“». И дерриг а хезча, баккхийбеш, Везачу Эло аьллачунна хастамаш бора кхечу къаьмнех болчара. Массо а Делаца долчу дахаре билгалбинарш Іийсах тийшира. Цаьрга маршалла а хаьттина, ПахІала дийцира шегахула кхечу къаьмнийн нахана юкъахь Дала динчух лаьцна. Суна дуьхьалбевлларш дукха белахь а, хаза кхаъ дІакхайкхо кхузахь йоккха а, шуьйра а неІ дІайиллина ю суна. Дала леррина Къобалвинчух болу хаза кхаъ дІакхайкхо Троя-гІала со веанчу хенахь, Везачу Эло суна цигахь къахьега неІ дІайиллира. Иштта тхуна тІера а доІанаш де Деле, Цуьнан дош дІакхайкхо а, Цо леррина Къобалвинчух лаьцна йолу Цуьнан къайле дІайовзийта а тхан аьтто бар доьхуш. И къайле дІакхайкхор бахьана долуш, ву со набахтехь.
Выбор основного перевода