Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цига мел адам деана гича, хьогІах буьзира жуьгтий. ПахІала дуьйцург емалдора цара оьзда доцучу хабарца. Тассалник-гІалахь болчу жуьгташна Берия-гІалахь ПахІала Делан дош хьехний хиъча, уьш цига баьхкира, адам карзах а доккхуш. Кхузза гІожмаш йиттина суна. Цкъа тІе тІулгаш кхиссина суна. Со тІехь а волуш, хІордкема кхузза дуьйхира, аса цхьа дей-буьйсий хІорда чохь а даьккхира. Со эккхийна волуш а, ас баланаш хьоьгуш а сан леларан тидам бора ахьа. Хьуна хьайна хаьа-кх Антиохехь а, Иконехь а, Листар-гІалахь а суна хилларг. Мел ирча баланаш лайра аса цигахь. Делахь а Везачу Эло оцу массо а халачу баланех кІелхьарваьккхира со.
Выбор основного перевода