Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ас шун лаьттана шен-шен хенахь догІа лур ду, хьалххе догІург а, тІаьхьо догІург а. ТІаккха аша шайн ялта а схьагулдийр ду, шайн чагІар а, шайн зайтдаьтта а доккхур ду. Цо лаьтта тІе догІа а доуьйту, кхаш тІе хи а дуьллу. Ахь латта Іалаш а до, цунна хи а латтадо, иза токхе а хуьлуьйту Ахь, тІехъюьзна йолу хин Іовраш а луш. Ахь адамашна ялта кхуьуьйту, Айхьа латта оцу гІуллакхна кхоьллина дела. Ахь лаьттан хершнаш хих а дузу, гІорзанаш дІа а шарйо, догІанан тІадамашца латта кІад а до, цу тІехь мел яьлла хІума декъал а йо. Цо стигал мархашца дІакъовлу, лаьттана догІа хуьлуьйту, гунаш тІехь буц хьалайолуьйту. Цара цкъа а ца олу шайга: „Вайн Везачу Делах кхера деза вай. Цо вайна гуьйранна а, бІаьста а догІа а доуьйту, ялта чудерзочу хенахь мел оьшург а ло“. цаьрга Дела лахийтархьама: цара Иза лаха а тарло, царна Иза каро а тарло (бакъдерг аьлча, Иза вайна хІоранна а генахь-м вац). ХІунда аьлча, гуш а боцуш, ткъа даим болуш болу Делан ницкъ а, Цуьнан Дела хилар а гуш ду, Дала дуьне кхоьллинчу хенахь дуьйна. Массо а кхоьллинчу хІуманах церан кхета таро ю, цундела оцу адамийн бехказадовлийла яц Дела царна ца вовзарна.
Выбор основного перевода