Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Иштта дан а дира цара. Ярушалаймехь болчу Іийсах тешачийн тобанан тхьамданашка шаьш гулдинарг Бар-Наабе а, Шауле а дІадахьийтира цара. Далла гІуллакх дина а, марха кхаьбна а бевлча, тІе куьйгаш а дехкина, доІа а дина, тІедиллина гІуллакх кхочушдан дІавахийтира цара и шиъ. ХІинца ас шу дІало Деле. Цуьнан къинхетамах болчу хазачу кхоо шу Іалашдийр ду, хІунда аьлча цо шу чІагІдан а, Делан нахана юкъахь декъахой хилийта а мега. Аса Критехь хьо витар хІара Іалашо йолуш дара: цигахь даза дисина гІуллакхаш хьоьга чекхдахийтар а, ас хьайна тІедиллина ма-хиллара, динан тобанаш йолчу массо а гІаланашкахь тхьамданаш дІахІиттабар а.
Выбор основного перевода