Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Тапа вийначул тІаьхьа шайна беш хиллачу ницкъах бевдда кІелхьарбевлла Іийсах тешнарш Пиники-гІала а, Кипре а, Антиохе а кхечира. Іийсах болу хаза кхаъ жуьгташна бен ца бовзуьйтура. Антиохехь йолчу Іийсах тешачийн тобанехь бара пайхамарш а, Іелам нах а: Бар-Нааб а, шех кхин а Іаьржаниг олу ШамІа а, къуринахо Луку а, мехкан куьйгалхочуьнца ХІародца кхиъна волу Манаан а, Шаул а. Цкъа уьш Везачу Элана гІуллакх деш а, марха кхобуш а болчу хенахь Делан Сино элира: «Бар-Нааб а, Шаул а Ас цаьрга кхайкхинчу гІуллакхна схьакъаставе Суна», – аьлла. Далла гІуллакх дина а, марха кхаьбна а бевлча, тІе куьйгаш а дехкина, доІа а дина, тІедиллина гІуллакх кхочушдан дІавахийтира цара и шиъ. Ткъа ПахІала Сали хаьржира. Динан вежарша декъал а вина, новкъа велира иза.
Выбор основного перевода