Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Даниил
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
«Цуьнан маьІна иштта ду, – элира цуьнга Юсупа. – Кхо га – иза кхо де ду. Кхо де даьлча, пирІуно хьо лаккха айина, хьалха хиллачу метте дІахІоттор ву. Ахьа, хьалха ма-баллара, пирІуне кад дІалур бу. Дала пирІунна Ша дан воллург схьадиллина аьлла, ас бохург хІара дара. Мисар-махкахь шорто йолуш, токхе ворхІ шо тІекхочуш ду. лур ду Ас хьуна ахьа доьххург. Ас лур ду хьуна хьекъаллий, кхетаммий, кхин хьо саннарг хьол хьалха цкъа а ца хиллачу тайпана а, кхин хІинца чул тІаьхьа хьо саннарг хир а воцучу тайпана а. Сан ялхоша, Ливанун-махкара дІа а даьхьна, хІордана тІе дахьар ду уьш, цигара дІа ас бурамашца кхачадойтур ду уьш кхачо деззачу меттиге, цигахь тІекІел а дохкуш. ТІаккха аша уьш цигара схьаоьцур ду. Амма ахьа а кхочушбе сан лаам, сан цІенна оьшуш болу кхача боуьйтуш». ХІунда аьлча Везачу Эло хьекъалалла а ло, хаар а, кхетам а Цуьнан багахула ара а болу. Дала Ша реза волчунна хьекъалалла а, хаарш а, ирс а ло. Ткъа къинош леточаьрга Цо, къа а хьоьгуьйтуш, хьал гулдойту, и гулдинарг Ша реза волчунна дІадалийтархьама. Иза а ду-кх кхетам тІе ца кхуьу хІума, махана Іуналла дан гІертар санна. Муьлххачу а хьекъал-кхетам оьшучу гІуллакхехь а, паччахьо хІуъа хаттар дича а, цунна карабора уьш уьттазза алсам хууш шен пачхьалкхера мел болчу бозбунчел а, эвлаяэл а. ТІаккха паччахьо элира цаьрга: «Суна гІан гина. Сан сагатделла. Сайн гІенах кхета лаьа суна». ТІаккха, буса дуьхьал сурт а хІоьттина, дІаеллаелира и къайле Даниална. Стигалшкара Дела хаставира Даниала: Амма ву стигалшкахь къайленаш дІайоьллуш волу Дела. Цо дІадоьллу Набухди-Нецар-паччахьна тІаьхьарчу заманчохь хиндерг. Хьо дІавижна волуш хьан коьрта чохь хьуна гина гІан а, сурт а иштта дара: Паччахьо элира Даниале: «Баккъалла ву шун Дела массо а деланийн Дела а, паччахьийн Олахо а, къайленаш йовзуьйтуш волу, хІунда аьлча хьуна а и къайле Цо йовзийтина дела». Амма, со кхеравеш, суна гинчу гІено а, вижначохь аса йинчу ойланаша а, суна дуьхьал хІуьттучу суьрташа а синтем байира сан. ЧагІаро вахийначу Белшацара шен дас, Набухди-Нецара, Ярушалаймера Делан цІийнан чуьра араяьхна еана йолу дашо а, дато а пхьегІаш чуяр тІедиллира, царна чуьра шега а, шен уллорчу куьйгалхошка а, шен зударшка а, шен гІарбашашка а маларш мийлийтархьама. Бавел-мехкан паччахьо Белшацара куьйгалла дечу хьалхарчу шарахь Даниална вижначохь гІенах суьрташ дуьхьалхІиттира. ХІетахь и шена гина гІан, цуьнан маьІна а дуьйцуш, дІаяздира Даниала. Суна, Даниална, Белшацар-паччахьо паччахьалла динчу кхоалгІачу шарахь хьалха дуьхьалхІоьттинчу суьртал тІаьхьа юха а дуьхьалхІоьттира цхьа сурт. Амма шуна юкъахь цхьанна хьекъалалла ца тоахь, цо иза Деле деха деза. Ша луш дерг атта а, бехкаш ца дохуш а луш волчу Цо иза массарна а лур ду. Муьлхха а дика а, кхачаме а совгІат лакхара, стигалан серлонаш кхоьллинчу Дегара догІу. Иза, уьду мархаш санна, хийцалуш вац.
Даниил
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Выбор основного перевода