Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Даниил
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Мел ирс долуш хила деза хьан адамаш. Ма ирс долуш хила беза хьан ялхой, хІора денна хьуна гІуллакх деш, хьан хьекъале къамел хезаш болу! ЯхІу-Яхин дуьнен чуьра дІаваллалц, хІора дийнахь Бавелан паччахьо цунна мел оьшург а латтадора. Паччахьан цІа чуьра юучуьнца а, паччахьо молучу чагІарца а ша Далла гергахь бехлур вац аьлла, нигат дира Даниала. Цундела цо дийхира Ашпеназе Далла гергахь хьарам йолчу юучух а, маларх а ша хьакха ца валийтар. Йийсарехь болчарна юкъара хаьржина массо а къонахой паччахьна гайта йиллина хан тІекхаьчначу хенахь, паччахьан кертара коьртачу куьйгалхочо уьш Набухди-Нецар-паччахьна тІебалийра. Ша цаьрца къамелаш дича, паччахьна билгалделира цу массо а къонахошна юкъахь цхьа а Даниале а, Хьанан-ЯхІуга а, Мишаале а, Іазар-ЯхІуга а кхочуш ца хилар. ТІаккха хІорш бисира паччахьан кертахь гІуллакх дан.
Даниил
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Выбор основного перевода