Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Даниил
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Цхьаммо и цІий даахь, иза шен халкъана юкъара дІавоккхур ву“». ТІемаш а долуш, лаьттахула текхаш йолу сагалматаш дегаза ю шуна. Церан чарх схьаэцнарг шен бедарш йитта декхарийлахь ву, иза сарралц Далла хьалха боьха хир ву. аша сагІина деанчух мохь йиина болу, сагІина деанчух чагІар мийлина болу? Шайна гІо дайта хьалагІовттийта уьш, хилийта царах шайна тхов кІело! Цул тІаьхьа Везачу Эло элира: «Оцу хІумано гойтур ду, Исраилан халкъо хьарам кхача муха боу, Ас, шаьш цІера ара а даьхна, кхин къаьмнаш долчу дІалаьхкича». Уьш Везачу Элан лаьтта тІехь бехар бац: эпраймхой а Мисар-махка юхабоьрзур бу, цара Ашур-махкахь хьарамниг юур ю. ЦІушна сагІина еана йолчу яа хІуманах лаьцна аша соьга яздинчух ала лаьара суна. Хууш ду-кх, олуш ма-ду: «Вайн массеран а кхетам бу». Амма кхетам хиларо адам курадоккху, ткъа безамо иза синца чІагІдо. Нагахь цхьанна шена цхьа хІума девза моттахь а, цунна хІинца а довза ма-деззара хІумма а ца девза. Ткъа цхьанна Дела везаш велахь, иза Далла вевзина. Цу тайпана цІушна сагІина еанчу юучу хІуманах лаьцна хууш ду-кх, кху дуьненахь цІу хІумма а воцург вуйла а, иштта, цхьа Дела воцург, кхин Дела воцийла а. Дац! Амма дин доцучара сагІина яхьа хІума, Далла а ца яхьаш, жинашна яхьа. Ткъа суна ца лаьа, аша жинашца дакъа а лоцуш, шу цаьрца тайна хила. Аша молийла ма дац шинна а кедара: цкъа Везачу Элан кеда чуьра, тІаккха жинийн кеда чуьра. Доийла ма дац аша цхьаьний Везачу Элан пхьор а, жинийн пхьор а.
Даниил
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Выбор основного перевода