Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Даниил
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Юши-ЯхІу-паччахьо хІаллакбира ЯхІуд-махкахь а, Ярушалаймехь а беллачийн синош тІедоьхуш берш а, жинашца тайнарш а, цІахь болу цІуш а, кхиболу цІуш а, массо а кхидолу дегаза хІуманаш а. Юши-ЯхІу-паччахьо дира и дерриге а, Везачу Элан цІа чохь динан да волчу Хьалкхи-ЯхІуна карийначу товрат-хьехамийн тептар тІера тІедехкинарш кхочушдархьама. Бавел-мехкан паччахьо Ярушалайм-гІалахь керла паччахь дІахІоттийра. Иза вара ЯхІу-Яхинан ден ваша волу Матан-ЯхІу. Матан-ЯхІун цІе а хийцина, ЦІадукъ-ЯхІу аьлла, цІе тиллира цунна Бавел-мехкан паччахьо. «Вел-харцдела дог доьхна ву, Набу-харцдела охьатаьІна ву. Оцу деланийн суьрташ хІинца бежанашна тІехь дІахьош ду. Хьалха аша дІакхехьначарах кІадделлачу даьхнина беза мохь хилла. Цул сов, Даниала шега дехар дича, паччахьо Бавел-мехкан гІуллакхаш дан Шадрак а, Мешак а, Іабди-Нага а хІоттийра, ткъа Даниал паччахьан кертахь висира. Амма ахь Бавел-махка тІехь гІуллакх дан хІоттийначу къонахоша кхочуш ца до, ва паччахь, хьан омра. Уьш бу Шадрак а, Мешак а, Іабди-Нага а цІе йолу яхІудхой. Хьан деланаш а ца лору цара, ахь дІахІоттийначу деших динчу суьртана Іибадат а ца до цара». ТІаьххьара а безачу деланийн са шеца долу, Бел-Ташацар цІе йолу Даниал веара суна тІе. (И цІе сан делан цІарах схьаяьлла ю.) Цуьнга дІадийцира аса сайн гІан: И дитт доккха а, онда а дара, стигала кхоччуш лекха а дара, дуьненан йистера дуьйна гуш а дара. цуьнгахь, паччахьо Бел-Ташацар аьлла цІе хийцинчу оцу Даниалехь, къаьсттина дукха кхетам, хаарш, хьекъал дара. ГІенаш дийца а, ца кхетачун маьІна дан а, хала долу хІума цхьалхадаккха а хаьара цунна. Цундела Даниал схьавалавайта, тІаккха цо дуьйцур ду йозанан маьІна». Парси-мехкан паччахьо Къуреша паччахьалла дечу кхозлагІчу шарахь Бел-Ташацар цІе йолчу Даниална Делера хаам хиллера. И хаам бакъ а бара, ткъа цунах кхета чІогІа хала а дара. ДуьхьалхІоьттинчу суьртехула Даниална дІахоуьйтура цу хааман маьІна.
Даниил
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Выбор основного перевода