Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Даниил
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Намрад-пачхьалкхана юкъайогІуш хилла юьхьенца Бавел, Эрахь, Аккад. Уьш ерриш ШанІар-аренна тІехь яра. Малхбалехьара дуьйна доладелла и адам, ШанІар-махкахь шера аре а карийна, цигахь даха охьахиира. Набухди-Нецара, Ярушалаймехь долчу Делан цІа чуьра ара а яьхна, Бавелехь долчу деланийн цІа чу яьхьна йолу дешин а, детин а пхьегІаш, Къуреша, юха а Бавелехь долчу деланийн цІа чуьра ара а яьхна, ЯхІудан мехкада хІоттийна волчу Шишбацаре дІаелира. Оцу дийнахь Везачу Эло юха а Шен куьг дІакховдор ду Ашур-махкара а, Мисар-махкара а, ПатІрус-махкара а, Хуша-махкара а, Іейлам-махкара а, ШанІар-махкара а, Хьамат-гІалара а, хІордан йистехь дехаш долчу къаьмнашкара а Шен халкъах дисина дакъа, мах а бина, юхадало. Массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху цІестан бІогІамех а, цІестан хІордах а, цІестан кІелхІотторгех а, иштта хІокху гІалахь йисначу кхийолчу хІуманех лаьцна. (Уьш Набухди-Нецара ша яхІудхойн паччахьан ЯхІу-Якхаман кІант Яхун-ЯхІу а, ЯхІуд-махкара а, Ярушалаймера а цІеяхана болу массо а нах Бавеле дІабуьгучу хенахь цига дІа ца яьхьнера.) ЧагІаро вахийначу Белшацара шен дас, Набухди-Нецара, Ярушалаймера Делан цІийнан чуьра араяьхна еана йолу дашо а, дато а пхьегІаш чуяр тІедиллира, царна чуьра шега а, шен уллорчу куьйгалхошка а, шен зударшка а, шен гІарбашашка а маларш мийлийтархьама. ТІаккха Ярушалаймера Делан цІийнера еана йолу и дашо пхьегІаш чуеара. Цуьнан уллорчу куьйгалхоша а, цуьнан зударша а, цуьнан гІарбашаша а царна чуьра маларш мийлира. ТІаккха цо соьга иштта элира: «ШанІар-махка дІахьош ду, цигарчу лаьтта тІехь цунна Іибадат даран цІа дархьама. Ткъа и дерриг а кечдина даьлча, иза цигахь шен бух тІе дІахІоттор ду, нахе цунна Іибадат дайтархьама».
Даниил
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Выбор основного перевода