Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Даниил
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Паччахьо омра дира шен кертарчу хьаькамийн куьйгалхочуьнга Ашпеназе, исраилхойн тоьллачу паччахьийн а, элийн а цІийнах бевлла болу къонахой шена тІе схьабалабе аьлла. Иштта паччахьо тІедиллира хІора дийнахь царна шен цІа чуьра мала чагІар далар а, яа хІума ялар а. КхидІа а тІедиллира цо и къонахой кхаа шарахь кхетош-кхиор а, и хан дІаяьлча, уьш шена тІебалор а. Паччахьан кертара хьаькамийн коьртачу куьйгалхочо церан цІераш хийцира. Даниалх – Бел-Ташацар элира, Хьанан-ЯхІух – Шадрак элира, Мишаалах – Мешак элира, ткъа Іазар-ЯхІуна Іабди-Нага боху цІе тиллира.
Даниил
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Выбор основного перевода