Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Даниил
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Патипар реза вара Юсупна. Цунах хьалхара ялхо вира цо, цІа а, берриг бахам а Юсупе лело дІа а белла. Амма цигахь а Веза Эла вара цуьнца. Гуттар а кхуьнан дола деш Ша хиларна, набахтин коьртачу хьаькамана хІара дикачу агІор гайтира Везачу Эло. ХІигайнна чІогІа хазахийтира Эсират, цундела иза цуьнца къаьсттина дика вара. Цо цунна хьакхарш а делира, цуьнан гІуллакх дайта паччахьан ялхойх йолу ворхІ йоІ а елира. Эсират а, цуьнан гІуллакх деш долу зудабераш а, зударий чохь Іаш болчу цІийнан уггар а дика чоьнаш а елла, охьаховшийра цо. Пекъар нуьцкъалчеран куьйгах Цо кІелхьарвоккху, мисканиг церан бетера догІучу туьрах Цо ларво. Иштта, къечу стеган сатуьйсийла ю, ткъа харцоно шен бага дІачІагІйо. ТІаккха уьш йийсарехь латтош мел болчаьрга Цо царах къинхетам бойтура. Адаман некъаш Везачу Элана дезаш хилча, Цо цуьнан мостагІий а тІетабо.
Даниил
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Выбор основного перевода