Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха Везачу Эло Нохье элира: «Хьо хьайн доьзалца хинкеманна чу вала, хІунда аьлча цу заманан адамашна юкъахь хьо цхьаъ Сайн лаамехь волу стаг хилар го Суна. Цу махкахь Нохьа а, Даниал а, Аюб а бехаш хилча а, Делан лаамехь шаьш хилар бахьана долуш, цара шайн синош кІелхьардохур дара, амма берриг а мохк цаьрга кІелхьарбаккхалур бацара». Иштта боху Везачу Эло. Царна юкъахь Нохьа а, Даниал а, Аюб а хилча а, – дийна волчу Сайх чІагІо йо Аса, Хьалдолчу Эло, – цара шайн дахар доцург, шайн берийн дахар а кІелхьардоккхур дацара. Сан лаамехь шаьш хилар бахьана долуш цара шайн дахар бен кІелхьардоккхур дацара». Тешар хиларна, цу хенахь хІинца а ган йиш йоцуш долу хІума Дала шега хаийтича, Нохьас, Деле болчу ларамах вуьзна, хинкема дира, шен доьзал кІелхьарбаккхархьама. И тешар хиларна, цо дуьненна кхел йира, ткъа ша Делан лаамехь верг хилира: тешарехула Шена хьалха бакъвина хиларан тІаьхьало елла цунна Дала. Хьалха заманахьлера Іеса адам хІаллакдина Дала, тІе хи а далийтина. Делахь а Далла хьалха нийса хиларх лаьцна болу хьехам бинчу Нохьин доьзалера бархІ са кІелхьардаьккхина Цо. Матушалахь хиллачул тІаьхьа кхин кхаа бІе шарахь, Дела даг чохь а волуш, вехира ХІанох. Оцу заман чохь цуьнан кхин кІентий а, йоІарий а хилира.
Выбор основного перевода