Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Со чІогІа дохковаьлла Айса Шаул паччахь вина дІахІотторах. Сох дІа а вирзина, Сан дош цо кхочуш ца дина». Иза шена хиъча, Шамъал чІогІа оьгІазвахара. Буьйса, Везачу Эле кхойкхуш, яьккхира цо. Исраилан халкъан сийлахьчу Дала харцдерг а дуьйцур дац, Иза дохко а вер вац, хІунда аьлча Дела адам дац Шен лаам хийца». Ярушалаймана тІе шен куьг хьалаайира Малико, иза хІаллакьян дагахь, амма и бохам хилла дохковаьлла волчу Везачу Эло адам хІаллакдеш долчу малике элира: «Тоьар ду! ХІинца охьадахийта хьайн куьг». Везачу Элан малик цу хенахь явсайхо волчу Аравнин хьаьтта уллохь дара. Амма цара, дуьхьал а бевлла, халахетар дира Цуьнан Дезачу Синна. Цундела Цунах церан мостагІа хилира: Иза Ша цаьрца тІом беш дара. Муьлхха а дика а, кхачаме а совгІат лакхара, стигалан серлонаш кхоьллинчу Дегара догІу. Иза, уьду мархаш санна, хийцалуш вац. Делан Дезачу Синна хала ма хетийта. Дала шуна тІе тоьхна мухІар ма ду Иза, паргІатдахаран денна тІекхаччалц.
Выбор основного перевода