Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«ХІинца, адаман кІант, хІара бу хьуна Хьалдолу Эла волчу Соьгара Исраил-мехкан халкъана лерина болу хаам: тІекхаьчна чаккхе. Берриг а мехкан еа а маьІІе кхаччалц тІекхаьчна чаккхе. Исраилхой, шуна чаккхе тІекхаьчна. Сайн оьгІазалла охьаІанор ю ас шуна тІе. Ас кхел йийр ю шуна, аша лелийначу дерриг а вонашка хьаьжжина, ткъа Ас бекхам бийр бу шуна, аша мел лелийначу дегазчу гІуллакхашка хьаьжжина. ТІекхочуш ю чаккхе! Улло кхаьчна чаккхе. Иза кестта шу долчохь хир ю. Иза хІинцале а тІекхаьчна. Цо хаьттира: «Іамос, хьуна хІун го?» Ас жоп делира: «Аьхкенан чаккхенгахь кхиъна болчу стоьмийн тускар го суна», – аьлла. ТІаккха Везачу Эло соьга элира: «Сан халкъан, исраилхойн, чаккхе тІекхаьчна. Ас цунна кхин гечдийр дац. Ткъа Аса хи доуьйтур ду лаьтта тІе, стигалш бухара чохь са мел долу хІума а хІаллакьярхьама. Лаьтта тІехь мел долу хІума хІаллакьхир ду.
Выбор основного перевода