Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
И тамехь йолу хаза хьожа дІакхечира Далла. ТІаккха Шен дагахь Везачу Эло элира: «Адамаш жимчохь дуьйна зуламах дуьзна делахь а, кхин цкъа а неІалт кхайкхор дац Аса лаьттана адам бахьанехь. Кхин цкъа а хІаллакйийр яц Ас лаьттара са мел долу хІума. Стигалшкара адамашка охьахьоьжу Веза Эла, цхьа а кхетамехь верг а вуй те, Дела лоьхург а вуй те, Шена гархьама. Берриш а нийсачу некъах тилла, уьш массо а талхарх буьзна. Царах цхьа а вац диканиг дийриг, ур-атталла цхьаъ-м вац. Дала, хІаллаквина, дІавоккхур ву хьо, цІа чуьра аракхуссур ву, дийначийн лаьтта тІера хьан орам а дІабоккхур бу. шена чохь вон дагалецамаш болу дог а, вочу хІуманна тІебовда кийча болу когаш а, Мекара ду адаман дог, чІогІа телхина а ду иза. Цунна чохь дерг цхьанна а ца хаьа. Аса иштта боху шуьга, дерриг а вониг даг чуьра арадолуш долу дела: вон ойланаш, стаг вер, ямартло, нахаца лелар, къола дар, эладита кхоллар, харцдерг дийцар. хІунда аьлча массара а къинош а летийна, массо а Делан сийлаллех дІакъастийна а ву.
Выбор основного перевода