Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан назма. Сонтачара шайн дагахь боху: «Дела вац». Ма телхина нах бу уьш, цара лелориг мел дегаза хІума ду. Диканиг дийриг цхьа а вац царах. Стигалшкара адамашка охьахьоьжу Веза Эла, цхьа а кхетамехь верг а вуй те, Дела лоьхург а вуй те, Шена гархьама. Берриш а нийсачу некъах тилла, уьш массо а талхарх буьзна. Царах цхьа а вац диканиг дийриг, ур-атталла цхьаъ-м вац.
Выбор основного перевода