Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха Везачу Эло Нохье элира: «Хьо хьайн доьзалца хинкеманна чу вала, хІунда аьлча цу заманан адамашна юкъахь хьо цхьаъ Сайн лаамехь волу стаг хилар го Суна. Нохьа шен доьзалца хинкеман чу велира, оцу лаьтта тІе хи тІедаларх кІелхьарвалархьама. Цуьнца кеман чохь яра цуьнан зуда а, кІентий а, церан зударий а. Ткъа Нохьа а шен зудчуьнца, Шима а, Хьама а, Япат а шайн зударшца хинкеман чубевлла бевллера. Нохьа-пайхамаро шен кема дечу хенахь, Дела цуьнга собаре хьоьжуш а волуш, Делан лаамера девлла, Цуьнга ла ца доьгІна синош дара уьш. Дукха синош кІелхьара ца дехира хи чуьра цу кемана чохь, верриг а бархІ стаг бен. Хьалха заманахьлера Іеса адам хІаллакдина Дала, тІе хи а далийтина. Делахь а Далла хьалха нийса хиларх лаьцна болу хьехам бинчу Нохьин доьзалера бархІ са кІелхьардаьккхина Цо.
Выбор основного перевода