Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ша лечу хенахь, шен кІанте Юсупе схьа а кхайкхина, цо элира: «Хьо суна реза велахь, сан кога кІел куьг а диллий, дош ло суна, хьо соьца дика а, суна тешаме а хир ву алий. Со Мисар-махкахь дІа ма воллалахь. Со сайн дайх дІакхетча, Мисарара дІа а хьой, уьш боьхккинчу дІаволлалахь». Юсупа элира: «Ахь ма-бохху дийр ду ас». «Дуй баал», – элира дас. Юсупа дуй биира. Маьнги йистехь волу Исраил Далла хьалха охьатаьІира. Даудан гІалахь йолчу шена кечйинчу къубби чохь дІавоьллира Аса. Хаза хьожа йогІучу хІуманех а, тайп-тайпана хьакхарех а буьзначу барамна тІе диллинера цуьнан дакъа. Асина лерина вуно йоккха цІе латийра. „Хьан кхузахь хІун ду я мила ву, кхузахь ахь хьайна къубба яьккхина хила? Хьажал, цо шена лекхачу меттехь къубба яьккхина, тархах шена садаІаран цІа аьгна! ша шена ломахь яьккхинчу керлачу къуббанна чу охьадиллира. Цунна дуьхьал боккха тІулг а карчийна, цу чу воьду меттиг дІа а къевлина, иза дІавахара.
Выбор основного перевода