Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Якъуба элира, Рахьална оьгІаз а вахана: «Хьуна бераш ца деллачу Делан метта-м вац со?» Амма дохий а ма хьийза, шайна оьгІаз а ма эха шаьш со Мисар-махка вохкарна. Адамаш кІелхьардахархьама, шул хьалха со кхачийтира Дала кхуза. Бекхам Соьгахь бу, Ас хьакъ дерг дІалур ду. Хан тІееача, церан ког галбер бу. Церан хІаллакьхиларан де герга ду, церан къемате кхоллам тІекхочу“. Исраилхойн паччахьо, кехат дІа а дешна, шена тІера бедар а этІийна, элира: «Со Дела-м вац, адам дер я дендар карахь долуш? Суна тІе хІунда ваийтина цо дІа ца йоьрзу чкъуран цамгар йолу стаг, тове аьлла? ХІинца хаа ду шуна, иза суна тІамца дуьхьалвала бахьана лоьхуш вуйла». Сан хьоменаш! Цкъа а бекхамаш бан ма гІерталаш, ткъа иза Делан кара дІалолаш. Яздина ма ду: «„Бекхам Соьгахь бу, Ас хьакъ дерг дІалур ду“, – боху Везачу Эло». Вайна хаьа, хІара дешнаш Хьан аьлла: «Бекхам Соьгахь бу, Ас хьакъ дерг дІалур ду». Кхин а: «Везачу Эло Шен халкъана кхел йийр ю».
Выбор основного перевода