Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ЯхІуда элира вежаршка: «Вайна хІун пайда бу, ваша вен а вийна, цунах дерг лачкъийна Іийча? Цул а оцу нахана дІавухкур ву вай иза, цунна тІе куьг айа а дезар дац – вайн ваша ма ву иза». Вежарий резахилира цо аьллачунна. Амма дохий а ма хьийза, шайна оьгІаз а ма эха шаьш со Мисар-махка вохкарна. Адамаш кІелхьардахархьама, шул хьалха со кхачийтира Дала кхуза. Амма Дала ваийтина со шул хьалха, кху лаьтта тІехь шун тІаьхье хилийта а, шун дахар инзаре кІелхьардаккха а.
Выбор основного перевода