Вай кха тІехь цІевнаш доьхкуш дара. ЦІеххьана сан цІов, айа а белла, дІанисбелира, шун цІевнаш, цунна гонах а хІиттина, цунна охьатаьІира».
Вежаршна дийцина ца Іаш, дена а дийцира цо и гІан. Дас бехк баьккхира цуьнга: «И хІун гІан ду хьуна гинарг? Со а, хьан нана а, хьан вежарий а, дахка а даьхкина, хьуна хьалха охьатаьІар ду ткъа?»
Шен шолгІа гІудалкха чохь лелаве иза аьлла, омра дира пирІуно. Юсупна хьалха боьлхучу ялхоша, цунна некъ бита бохуш, маьхьарий деттара. Иштта пирІуно Мисар-махка тІехь куьйгалхо хІоттийра Юсуп.
Мисар-махкахь куьйгалхо Юсуп вара. Махкахь дерриг а халкъана кІа духкуш вара иза. ДІакхаьчна вежарий, лаьтта охьакхаччалц Юсупна хьалха охьатаьІира.