Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Юха иштта весет дира цо шен кІенташка: «Со сайн дай болчу дІагІур ву кестта. Хьетахочун Іепронан лаьтта тІехь, сан дай болчу хьеха чохь дІаволлалаш со. КанаІан-махкарчу Мамари олучу меттера Махпела цІе йолчу арахь ю и хьех. Хьетахочуьнгара Іепронера нах дІабохка эцначу лаьттаца цхьаьна эцна ю и хьех ИбрахІима. Іепрона аьллачунна реза а хилла, хьетахошна хьалха лаьттах цІе тоьхна мах дІабелира ИбрахІима. Цо делларг диъ бІе шекхал дато ахча дара (шекхал совдегаршна юкъахь лелош долчу барамехь дара).
Выбор основного перевода