Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дерриг а хьуна гуш долу хІара латта Ас хьуна а, хьан тІаьхьенашна а гуттаренна а дІалур ду. ДІавалуо, хьайн лаьтта тІехула йохалла а, шоралла а волалуо, хІунда аьлча хьуна дІало Ас иза». Дала элира Ибраме: «Хьо Хашад-махкара Ур-гІалара араваьккхина Веза Эла ву Со. Иза Аса дина хІара латта хьуна дІадалархьама, хьоьга цуьнан дола дайта». Амма Ибрама элира: «Сан Хьалдолу Эла! Суна муха хуур ду хІара латта сан дуйла?» Цу лаьтта тІехь Іе, Со хьоьца хир ву, Ас хьо декъалвийр ву. Хьуна а, хьан тІаьхьенна а дІалур ду Ас дерриге а хІара латтанаш. Хьан дена ИбрахІимна Айса йина чІагІо кхочуш а йийр ю. Стигалахь, цу лами тІехула лаьттачу Везачу Эло цуьнга элира: «Со Веза Эла ву, хьан деден ИбрахІиман а, ден Исхьакхан а Дела. ХІинца хьо тІехь Іуьллу латта хьуна а, хьан тІаьхьенна а лур ду Ас. ИбрахІимна а, Исхьакхана а делла латта хьуна дІало Ас, хьан тІаьхьенна а дІалур ду Ас иза». Юха Исраила элира Юсупе: «Со леш ву, амма Дела шуьца хир ву. Цо шайн дайн лаьтта тІе юхадуьгур ду шу. Ваха а гІой, исраилхойн къаной а гулбай, ала: „Везачу Эло, шун дайн Дала, ИбрахІиман а, Исхьакхан а, Якъубан а Дала, суна Ша гайта а гайтина, элира соьга: ‘Шу долчу веача, Суна гира Мисар-махкахь шуна хуьлуш дерг. Ас чІагІо йина, шуна таІзар дечу Мисарара канаІанхойн а, хьетахойн а, эмархойн а, перезахойн а, хьаьвихойн а, явсайхойн а махка, шуьрех а, мазах а дуьзначу токхечу лаьтта тІе, шу дІадига’“. Тешар хиларна, Юсупа, ша лечу хенахь, исраилхой Мисарара арабевр бу аьлла а дийцира, шен даьІахкех весет а дира.
Выбор основного перевода