Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ИсмаьІалан тІаьхьенах болу и маданхойн совдегарш тІехбовлучу хенахь вежарша Юсуп, гІуна чуьра хьала а ваьккхина, ткъа детин ахчанах царна воьхкира. Цу наха иза Мисара дІавигира. Вежарша элира вовшашка: «Дала билггал до вайна таІзар вешина дуьхьал латийна къа бахьанехь. Вайна гора Юсуп холчохь хилар цо вайга дехар дечу хенахь, амма вай цуьнга ла ца дуьйгІира. ХІинца вайна бохам хилла». Раабана элира: «Ас баьхнера шуьга – кІант бахьана долуш шайх къа ма латаде, амма аш ла ца дуьйгІира! ХІинца цунна тІехула вайна бекхам хуьлуш бу».
Выбор основного перевода