Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Мусас шеца Юсупан даьІахкаш схьаийцира, хІунда аьлча Юсупа чІагІо яйтинера исраилхошка: «Дала шу кІелхьардохур ду. Шаьш дІадоьлхуш, кхузара сан даьІахкаш дІахьолаш», – аьлла. Шехемехь дІайоьхкира исраилхоша Мисар-махкара схьаеана Юсупан даьІахкаш. Уьш дІайоьхкина аре Шехеман да волчу Хьамуран кІенташкара Якъуба эцна яра, бІе дато ахча а делла. Юсупан кІенташна кхаьчна дара и лаьттан дакъа. Церан декъий Шехеме схьа а деана, ИбрахІима, дато ахча а делла, Хьамуран кІенташкара эцначу Шехемехь йолчу къубба чу дехкира. Тешар хиларна, Юсупа, ша лечу хенахь, исраилхой Мисарара арабевр бу аьлла а дийцира, шен даьІахкех весет а дира.
Выбор основного перевода