Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Якъубца Мисар-махка шайн доьзалшца баьхкинчу Исраилан кІентийн цІераш хІорш ю: Раабан, ШимІа, Леви, ЯхІуд, Иссархан, Забул, Бен-Яман, Дан, Наптал, Гада, Ашар. Верриг а Якъубах схьаваьлларг кхузткъе итт вара, ткъа Юсуп цу хенахь Мисарахь вара. Мусан а, АхІаронан а дайн тІаьхьенаш хІорш яра: Исраилан хьалхарчу кІентан цІе Раабан яра. Раабанан кІентий бара Хьанах, Палу, Хьацрани, Карма. Царах Раабанах схьадевлла гаранаш хилира. ШимІин кІентий бара Емуал, Ямин, АхІад, Якин, ЦІохьар, канаІанхочо вина Шаул. Царах ШимІех схьадевлла гаранаш хилира. Леви бІе ткъе вуьрхІитта шарахь вехира. Цуьнан кІентий бара ГІиршан, КхахІат, Мерари. Исраилан дуьххьарлера доьзалхо волчу Раабанан тІаьхье иштта яра: Хьанахах бевллера хьанахахой, Палух – палухахой, Хьацраних – хьацранихой, Кармах – кармахой. Исраилан дуьххьарлера доьзалхо волчу Раабанан кІентий хІорш бара. (Иза дуьххьарлера доьзалхо вара, амма цо шен да дІавуьжу мотт сийсазбаьккхина дела, дуьххьарлера доьзалхочун бакъонаш Исраилан кІант волчу Юсупан кІенташна дІаеллера. Иза бахьанехь Раабанан цІе дуьххьарлерчу доьзалхочун санна дІаязйина яц. ЯхІуд шен вежарел нуьцкъала хиллехь а, цуьнан тайпанара халкъан куьйгалхо схьаваьллехь а, дуьххьарлерчу доьзалхочун бакъонаш Юсупан долахь хиллера.) Исраилан дуьххьарлера доьзалхо волчу Раабанан кІентий хІорш бара: Хьанах, Палу, Хьацрани, Карма.
Выбор основного перевода