Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха цигара а Беар-ШабаІе дІавахара Исхьакх. Цу буссехь дуьхьал хІоьттинчу Везачу Эло цуьнга элира: «Со хьан ден ИбрахІиман Дела ву. Цхьана а хІуманах ма кхера, хІунда аьлча Со хьоьца ву. Ас хьо декъалвийр ву, хьо дебош, хьан тІаьхье дукха хуьлуьйтур ю. Сайн ялхочун ИбрахІиман дуьхьа дийр ду Ас иза». Цигахь сагІа доккху меттиг а кечйина, Везачу Эле кхайкхира Исхьакх. Шен четарш хІиттийра цо цигахь, ткъа цуьнан ялхоша гІу яьккхира. Якъуб, Беар-ШабаІера ара а ваьлла, ХІаран-гІала вахара. Стигалахь, цу лами тІехула лаьттачу Везачу Эло цуьнга элира: «Со Веза Эла ву, хьан деден ИбрахІиман а, ден Исхьакхан а Дела. ХІинца хьо тІехь Іуьллу латта хьуна а, хьан тІаьхьенна а лур ду Ас.
Выбор основного перевода