Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Зудчо кІант вича, цуьнан цІе Іаьр тиллира. Амма Шена хьалха Іаьр къиношца Іарна, Везачу Эло са ийцира цуьнан. Везачу Элана хьалха къилахь дара Онана лелош дерг, цундела Цо цуьнан а са дІаийцира. Амма кІанта куьг юха а даьккхина, хьалха цуьнан ваша велира дуьнен чу. Бер схьаоьцучу зудчо элира: «Хьо муха чекхвели, Парас?!» Цу кІентан цІе Парас тиллира (иза «чекхвалар» бохург ду). ЯхІудан кІентий бара: Іаьр, Онан, Шейла. Цунна и кхо кІант вина хилла канаІанхо йолчу ШуІин йоІа. ЯхІудан дуьххьарлера доьзалхо волу Іаьр Делан бІаьргашна хьалха вон вара, цундела иза Дала валийтира. ЯхІудан несо Тамарас ЯхІудана ши кІант винера: Парас, Зерахь. Верриг а пхи кІант вара ЯхІудан. Парасан кІентий бара: Хьацрани, Хьамал.
Выбор основного перевода