Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Леас кІант вира, цуьнан цІе цо Раабан тиллира (иза «сан бала гина Цунна» бохучух тера ду), хІунда аьлча цо бохура: «Везачу Элана гина аса хьоьгу бала: хІинца мукъана а со езаяла мега сан майрачунна». Леа юха а доьзалхочух хилира, кхин цхьа кІант вира цо. Цуьнан цІе цо ШимІа тиллира (иза «хезна» бохучух терра ду). Леас бохура: «Везачу Элана хезна, со майрачунна ца еза аьлла, цундела Цо суна кІант велла». Кхин цкъа а доьзалхочух а хилла, кІант вира Леас. Цо цуьнан цІе Леви тиллира (иза «цхьаьнакхета» бохург ду). Леас бохура: «ХІинца сан майра суна уллохь хир ву, ас кхо кІант ма вина цунна». Юха а доьзалхочух а хилла, кхин цхьа кІант вира Леас. Цуьнан цІе ЯхІуд тиллира (иза «хастам» бохург ду). Цо бохура: «ХІинца ас Везачу Элана хастам бийр бу». Цул тІаьхьа кхин бер ца хуьлуш сецира иза. ТІаккха Леин доІанаш а хезна, Дала юха а доьзалхочух хилийтира иза. Цо Якъубана пхоьалгІа кІант вира. Леас элира: «Ас сайн майрачунна ялхо яларна Дала совгІат дина суна». Цо кІентан цІе Иссархан тиллира (иза «совгІат ду» бохург ду). Юха а доьзалхочух а хилла, Якъубана ялхалгІа кІант вира Леас. «Дала тамашийна похІма делла суна, – бохура Леас. – ХІинца Якъуба со, билггала, лорур ю, хІунда аьлча ас ялх кІант вина цунна». Цо кІентан цІе Забул тиллира (иза «ларам» бохучух тера ду). Цул тІаьхьа Леас йоІ йира, цуьнан цІе цо Дина тиллира.
Выбор основного перевода