Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ибраман а, ЛутІин а Іуй вовшашца къийса буьйлабелира. Ткъа цигахь, цул сов, цу хенахь бехаш канаІанхой а, перезахой а бара. ТІаккха Ибрама элира ЛутІе: «Товш дац вайшинна а, вайн Іуьнашна а вовшашца къийсадала, хІунда аьлча вай вежарий ду. Исхьакхан шовзткъа шо кхаьчча, цо Падан-Арама цІе йолчу меттера Ребикха ялийра. Иза арамхо волчу Бетаалан йоІ а, арамхочун Лабанан йиша а яра. ХІара ду Якъубан тІаьхьенах хилларг. ВуьрхІитта шо долу Юсуп шен вежаршца ден уьстагІий а, гезарий а яжош вара. Цуьнца хуьлуш болу цуьнан вежарий Якъубан шиннан зудчун Балхьатан а, Залпаан а кІентий бара. Юсупа шен вежарша дина вон хІума дега дІадуьйцура. Шайн ден жаш дажо Шехем олучу метте бахара вежарий. Цунна къастийна елира яа хІума, вежаршна а, мисархошна а къастийна елира, хІунда аьлча мисархошна хьарам хетара Іебархошца хІума яар. ГІашан цІе йолчу меттехь Іийр ву хьо, суна уллохь. Хьан бераш а, берийн бераш а, берриг а бахам а, дерриг а даьхни а схьадаладе. Шайн да а, доьзалш а кхуза схьа а балабе. Ас Мисарахь тоьлла долу латта лур ду шуна, цунах схьадаьллачух дехар ду шу, алий». Амма Мусас жоп делира: «Иза далур дац, мисархошна дегаза хета оха тхайн Везачу Далла сагІа даккхар. Нагахь шайна дегаза долу сагІа церан бІаьргаш хьалха оха даьккхича, тхуна тІулгаш деттар дац цара?
Выбор основного перевода