Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шен ялхо Балхьат елира Лабана Рахьална гІуллакх дан. Доьзалхочух а хилла, Якъубана кІант вира Балхьата. «Сан доІанаш а хезна, Дала со бакъйина, – элира Рахьала. – Цо суна кІант велла». Цо кІентан цІе Дан тиллира (иза «бакъвина» бохург ду). Юха доьзалхочух хиллачу Рахьалан ялхочо Балхьата шолгІа кІант вира Якъубана. «Дала бахьана а хІоттийна, сайн йишица къовса а елла, толам баьккхи ас», – элира Рахьала. Цу кІентан цІе Наптал тиллира цо (иза «къийсам» бохург ду).
Выбор основного перевода